Нохчийн кегирхошка кхайкхам — Вайн мотт кху дуьненчохь уггаре ширачех
бу шуна. И вайн мотт новкъа болуш онда ницlкъ аъ бу шуна кху
дуьненчохь, къайлаха долучу мостагlаллийца оцу вайн метта хlу хадо
lалашонтlехь къахьогуш. Ларбелаш иза, хада ма байталаш цуьнан кlорга
орам. Шуна аъ иштта вайна массарна аъ хаа дезаш ду, мостагlчо вайна
мел дина зенаш-зуламаш, питанаш, уьш нисдан дерзо дарба лехарца
къахьоьгаш шу хила лаьар-кха, кху дуьненахь уггаре боккхачу лаамца,
тхан тlаьхье Кегийрхой. Аша само йарца дарба лаха лаьара, вайн къоман
даиманна коьрта лерина, оьзда хилла долу сибат, кхетам бовш
лаьтта. Цхьа бух аъ юхь йоцуш болчу муьжгех тарлуш вай довш лаьтта 
Таханлерачу дийнахь — 4 ардар бутт
Инарла Иса Мунаев. 1965 шеран, сели беттан 20 - гlа чохь,
Джовхар-гӀалахь вина. Цlера Яндий-Кlотарар а волуш, тайпан Галай
ву. Хьалхара тlамехь, тlема декъашхойх, майраллийций, доьналлиций,
шена тlехь хиттийна болу Тlемлошн тlехь урхалла дарций къастийна,
Нохчийн Пачхьалкх Нохчийчоьнан Лаккхар Олден "Къоман Сий" йелла
ву. Ичкерийн lедалехь, 1996 - 1999 шерашкахь Садулаев кlоштан
(оьрс. Заводской район) Кхерамазаллийн Ницlкъийн Куьйгалхо лаьттина.
нох. кехат олуш долу дош схьадалар маьlна: кехат олуш долу дош кхолла
а делла 6 эзар шо хьалха, Ке - ка бохург ду, куьйгаца ка тохар олу вай
маттахь, "Ке - Хатт" оцун тlяхьадогlуш долу хатт олуш долу дош, иза
догl деача лаьтта тlехь хlуттуш болу хатт а бу, амма оцу хаттах вай
дайша бутlкъа а бой оц хатт тlяхь язйа кечбеш хилла, ишта ккхолла
делла кехат олуш долун дош, амма тахан а язйаран гlирс хийцабаларх
оцуьнан цlе хийца а ца елла. Хьалхалера кехат кечдеш хилла хаттах,
шина куьйга, оцуьнах орсаш олу
Дарц Абузар Айдамиров Гати-Юьртахь харжамаш хиллачул тIаьхьа бутт сов
хан яьллера. Шайн толамах тешна гатиюьртахой, бIаьста ялташ а дийна,
царна асарш а даьхна, хIинца мангала бевллера. Iуьйранна де шеллах
мангала вахана, делкъале шайн жимачу цани тIе мангал тоьхна а ваьлла,
цIа вогIучу Iелина а, Iусманна а новкъахь хезира, тахана юьртан гулам
а хилла, АхьмадагIар дIа а баьхна, СаьIадгIар юьртан урхалле хаьржиыа
бохуш. Иза хIун ду хьажа эвлаюккъе а ваьлла, цIа веъначу Iусмана
дийцира цигахь хилларг
